25-г1а апрель – Нохчийн меттан де

25.04.2016

Мотт – халкъан дахаран хазна ю. Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойла яран а, кхетаман а, 1илманан а, культуран а, искусствон а, халкъан хьекъалан а уггаре сийлахь, йоккха хазна ю. Мотт – халкъан историн куьзга ду. Шен маттаца доьзна, херадовла йиш йоцуш ду х1ора а къоман г1иллакхаш, ламасташ. Иштта маттаца доьзна дуккха а мехала х1умнаш ду къоман дахарехь. Мотт боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Къам д1адаьлча – мотт д1аболу. Дерриг латта ц1е йолу вайн дуьне теллича, кхин цхьанхьа а карор дац нохчий ц1е йолу къам – шен маттаца, шен махкаца, ц1ий хуьйдинчу лаьттаца, маьждигийн момсаршца, шал шийлачу шовданашца, баккхийчийн до1анашца, кегийчийн ловзаршца…